Амина Ахмадова – Хьогалла – 2013
Амина Ахмадова – Хьогалла – 2013
Хьогалла, хьогалла – хьо дага воьг1на
Сан некхи кхерстина, хьогалла
Ца лалуш, ца лалуш, сан собар доьхна
Со муха ехна те, хьогаллалла.
Сийначу стиглахь ю, сан ойлах кхокха
Юх-юха хьуна го туьйсу цо
Маршалл д1акхийдош, хьоь сийлахь доккха
Доккхачу ирсе сатуьйсу цо
Ломахь сир г1арг1ули, сан дагахь аз ду
Хьо лоьхуш, хьо доьхуш даьржийна
1алам а, 1илма а, ахь суна хаздий
Ас сайна дуьненчохь хьо хьаьржина.
[media=https://www.youtube.com/watch?v=_KesuV9LMEk]
Материал принадлежит ЧГТРК "Грозный"