Зезаг Исмаилова – Къонахий 2013
Зезаг Исмаилова – Къонахий 2013
Дуьненна а масал хилла нохчийн къонахий
Даккха дезахь ког а тоьхна доккхур долуш хи
Халонашкахь дахча делла дара церан сий
Дуй хаахьа къарлур доций ц1ена нохчийн сий
Къонахий, ц1е йовр йоцу къонахий
Са синан уггар хьоме доттаг1ий
Маржа я1, ва малх кхета к1ай дуьне,
Къонахий ца хилча ма деса хир дара и
Аьлла ма ду, къонахчунна мехе дуьне ду
Бийца к1ентий ше ца хилча къам ма миска ду
Дуьне духуш вухур воцчу к1ента лерам бу
Вежарий сан иштта хилча со ма ирсе ю
Нохчийн лаьмнаш сан дахаран маь1на хилла ду
Нохчийн къонах суна даима сийлахь ц1е ма ю
Сан вежарий шу ца хилча со ма б1аьрзе ю
Сан дозалла, сан куралла, шу сан ирсан нур
Дешнаш а, мукъам а – К. Шерипов