Зезаг Исмаилова – Нана
Зезаг Исмаилова – Нана
Дахаран хазалла, нана хьан безам
Доллучу диканна бахьан ду хьо
Сунам сай сил дукха нана хьо еза
Цкъа а ма къаьстийла хьомениг хьох
Нана, сан хьоме нана, хьол мерза хьол, сийлахь х1умма дац са
Нана, сан дика нана, хьан метта д1алур ду эшахь сайн са
Хьуна со хир ма яц цкъа а йоккха
Доьзалхо хьа хиларх нанна бера ду
Дуьненахь са а дац х1умма хьол доккха
Хьо ирсе хиларца со ирсе ю
Комаьрша дог ц1ена дахарна 1амош
Ерриге дикалла дагна схьа луш
Сан безам, сан лазам безаман г1ала
Нана со ирсе ю тахана хьо гуш
Дешнаш а, мукъам а – К. Шарипов
[media=https://www.youtube.com/watch?v=djqJ649Ro0Y]