Ильяс Эбиев – Ирс хета хьога сатийсар

 

Ильяс Эбиев – Ирс хета хьога сатийсар

 

Бовхачу хьегаме туьйра хьо язйеш эшаре долу

Б1аьстенах тарло сан гуьйре ойланехь зезагаш довлу

Схьахьаьжча к1айчу юьхь т1ера 1аьржачу б1аьргийн ши т1адам

Цец волий хуьлу со къера, гина дац хьол хаза адам

 

Адамашна юккъехь ву цхьалха, хьан сурт ду б1аьргашна хьалха

Ирс хета хьоьга сатийсар, хилла хьан хазалли йисар

 

Лела яхь, дегнаш а х1иттош, дозаллех дуьзна ду хьажар

Кегирхойн дог ойла х1иттош, оьзда ю букъ т1ера къажар

Хьо йолчохь иллеш ду декар, хьо йолчохь дог дуьйлу хелха

Хьо йолчохь стигал ю йекхар, Нохийн Йо1 – хьо нур ду маьлха

 

Ло санна к1айчу юьхь т1ера, 1аьржачу б1аьргийн ши т1адам

Белийта ца воккхуш хейра, сол ирсе хир дац кхин адам

 

 

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив