Тамара Дадашева - Нохчийн к1ентий

 

Тамара Дадашева – Нохийн к1ентий

 

Нохчийн к1ентий деза суна шу

Яхь ерш сирла, доцуш дерш х1илла,

Хьанал къахьоьгуш, нохчийн к1ентий

Деза суна шу, Мохк ларбеш оьгуш

Куралла йоцуш, 1аьржа дог доцуш

Нохчийн к1ентий, дукха даха шу!

 

Нохчийн к1ентий деза суна шу

Шалг1а йоьхь йоцуш, шалг1а мотт боцуш,

Лоьхуш берш нийсо, нохчийн к1ентий

Деза суна шу, долуш дерш къийсар

Мотт беттар доцуш, нийса некъ лоьцуш

Нохчийн к1ентий, дукха даха шу!

 

Нохчийн к1ентий деза суна шу

Ца луш дерш хийца, г1иллакх дерш ц1ийца

Кховдош дош дерш саг1а, Нохчийн к1ентий

Деза суна шу, яхье берш баха

Кийрах хьакъ йоцуш, харц дешнаш доцуш

Нохчийн к1ентий, дукха даха шу!

 

Нохчийн к1ентий деза суна шу

Т1е эцнарш Ислам, долуш берш ирс сан

Дезаш да, нана, Нохчийн к1ентий

Деза суна шу, нийса дин 1амош,

Аллах1 сов везаш, т1еэцнарш безарш

Нохчийн к1ентий дукха даха шу!

 

 

Видео "ДайМохк ТВ" с канала YouTube

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив