Амина Ахмадова и группа Фирдауз – Амина (шуточная)

 

Амина Ахмадова и группа Фирдауз – Амина (шуточная)

 

Концерт «Даймехкан Аз»

 

Схьагуллоша х1ай мехкарий, эладитташ дийцитиша

Лелийнарш вайн хаа деза, гинарг, вайнарг д1авазва

Вай учет вести ян еза, дийца х1ума гулда деза

Хезни шуна цу Аминас революци яьккхиний

Ч1ог1а дуьйцу и таксисташ, болх беш мел верг кхоьссиний

 

И хьа боху, бакъ ма боху, ши лег мичахь ду те хьан

Беркатера таксиш йолчу, х1оттий минот яккхахьа

Хаий шуна телевидени, радио ларъйеш юйла?

Достоверни информаци цигарчаьрна хаийла?

Хьай йо1арий собар, собар, керла довод схьа кхечна

И Амина, Амина? – Сиха дийци ялахьа!

Лакхара и балха еана, цигахь хи да бахийта

Цигарчера болх бан йоллу, царна и т1е йирзина

 

Да висарг я1, сан доттаг1ий, ма ледар йо1 яц со,

Массарна сох борз тарйелла, цхьанге эшалуш яц со,

Со муха йо1 хета шуна? Массо меттехь ларайо,

Г1о эшахь, мохь тоха соьга, сиха кхочур юкха со

 

Яхна боху, яйна боху, мохо т1ома яьккхина,

Вукхо хино яьхьна боху, цхьа болчарна каш гина,

Каш т1е баьлла бай бу боху, зезагаш т1аьхь кхиийна,

Хьовсишайа хьай мехкарий, оцо дийриг гой шуна?

Информаци ю шу г1ийла, белха низам лахделла.

 

Ва иза гуш ма хиллара, дено, дено хазлуш ю

Цуьнан дог г1о ца хиларна, цуьнан г1уллакхаш иштта ду!

 

Лелар, болар ирча ду тхан? Я кхечарал лоха ю?

Оьзда … ца хиларна, ламана  сай санна ю

Минус ду и вай балхана, вай кхи мнениш ян еза

Таксисташ бу массо а юьртахь, ярташкахь болх бан беза

 

Ма дийциша эрна хабарш, ца к1ордийна те шуна?

Хабарш дитий тохал т1араш, хелха йера ю со шуна!

 

 

Материал принадлежит ЧГТРК "Грозный"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив