Амина Ахмадова – Ирсе кхийда дог ирсо човхийча
Сох мел летта къа малхал дера ду,
Сан мел дайна ирс хьуна карийча,
Дуьне мел ду со ахьа лоьхур ю,
Ирсех дуьзна дог, ирсо лазийча.
Аса сатийсинарг хьанал карор ду
Синан лаамо готта хьовзийча,
Дуьне ма ду со ахьа лоьхур ю,
Ирсе кхийда дог ирсо 1овжийча,
Аса мел далхинарг карладера ду
Дуьрчу б1аьрхино бесне ягийча,
Дуьне ма ду со ахьа лоьхур ю,
Ирсех хьоьгу дог ирсо човхийча.
[media=https://www.youtube.com/watch?v=eIJUsCiUyyg]
Материал "Даймехкан Аз"
Комментарии 2