Макка Межиева - Ойла (видео)

 

Слова (текст) песни:

Ойла яра, ойла яра ахьий асий йина ойла,

Ахьа - айхьа, аса – айса ца оьшучохь йина ойла,

Некъаш дара, некъаш дара сан дага т1ера генна доьлхуш,

Геннахула го а тосий со сайца девне йолу.

 

Ойла йина, ойла йина, йина ойла к1орда йина,

Ца оьшучохь айхьа йина г1айг1а суна йитина,

Сан дага т1ера некъаш хедош ахьа кхечунна некъаш дехки,

Суна гонах го а туьйсуш, сан ойланаш акха ехи.

 

Суна везаш, хьуна езаш вайшиммо цхьа зама яьхьи,

К1ордош, к1ордош, ца к1ордошшехь хьуни суний вовшех к1орди,

Маржа йа1 хьо ирсе зама сох ца кхеташ хьо чекх ели,

Хьуна гонахь го а туьйсуш сан ойланаш лела йези.

 

Суна хьоьх а, хьуна соьх а даккхий-дезий хабарш хези,

Вайшиммо мел дийцинчух а хьуний суний дийцарш диси,

Цкъа мацца а йог1уш йайча, со йовзал бен хьо ца виси,

Хьуна гонах го тийсинчу сан ойланех туьйра хили.

 

[media=https://www.youtube.com/watch?v=8Kf_Eiqseqc]

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив