Тамара Дадашева - Велалохьа хьоме везар
Текст (слова) песни:
Малх хиле г1отту хьо, бетта са хиле вог1у хьо,
Хьан хазчу безамо цхьалха ца юьту со,
Сан лаамаш кхочуш беш лерина сан тидам бо,
Ма дика ву-кха хьо ма эсал ву-кха хьо,
Велалохьа, велало, хьоме везар велало,
Хьо суна велалуш маьлха дуьне делало,
Со ду хьан нур олхазар, хьо сан дег1ан мерза лазар,
Мерза везар, мерза везар хьо сан дег1ан мерза лазар,
Ирс дуссу вай х1усаме хьо не1арех чу волушехь,
Марша ва хьо алий доьхьал йолу хьо гучу волушехь,
Хаза хета велавелла векхавелла волуш хьо,
Там беш вист хила хууш ма говза ву-кха хьо.
Сан даго къуьйсу хьо, къуьйсу хьо массаьрци
Сан даго вуьйцу хьо, воькъур воцуш цхьанници,
Вай безам къуьйлу ас сай марахь лерийна,
Б1аьрг хиларна кхоьруш ас, массарех и ларбина.
[media=https://www.youtube.com/watch?v=d_VjyRW8qts]
Материал "Даймехкан Аз"