Тамара Адамова – Сан Нохчийчоь – 2013 (видео)

 

Текст (слова) песни:

Хьан ц1ийнах яра со, Нохчийчоь хьан ц1ийнах яра,

Нахана д1айийца ворх1е де ц1е а хилла,

Хьан ц1арца яьхна со, Нохчийчоь хьан ц1арца яьхна,

Хьешана х1оттада комаьрша шун а сан хилла.

 

Хьан юьхь ас ларйина, сай аьхь-бехк, сай сий санна,

Къа доцчу сан синна таьш х1отто ду дийна Терк

Хьай бахехь ягийна да вийна мостаг1 санна,

Сай кхерчех йохийна мискал а боцуш сан бехк.

 

Безам а сан хилла, дуьнено лекха со х1отто,

Де эшо яхь-оьзда к1ентий сан новкъахь хилла,

Дуьненчохь мел болчу мехкарел со маьрша хьасто,

Бахьана цхьаъ хилла, со ларъян къонахий хилла.

 

Ткъа тахна со лаьтта хьан лаьмний когашкахь йоьхна

Х1ара дуьне 1адатал мох-ц1ог1а сай кийрахь къуьйлуш,

Яхь йолчу сан сица хьаг1 лаьцна йилбаза мохо,

Доккхачу дуьненчохь яржийна сан деган аьхкаш.

 

Хьан къинна йилхина б1аьрхиш а чекхдойла, лекъна,

Нохчийчоь со йисна ца кхеташ хиллачух тахана,

Йилбазо ч1абанаш лачкъийна йовлакх д1а даьхьна,

Орцаха ялахьа сан амат дерзаде юха.

 

Гой хьуна къигаша го бина д1алаьцна стигал,

Царна а ма гома хиллакх сан г1арг1улийн илли,

Аса лоьху сай хилла аматаш хьан б1аьрний кхерчахь,

Ткъа суна-м жоп дала цхьа а вац, цхьа а вац уллехь.

 

 

Материал добавил "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Комментарии 1

  1. Султан
    Султан от 24 марта 2013 10:56
    Просто супер!!! Тамара ты звезда!
Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив