Марьям Ташаева – Цхьа безам
Слова (текст) песни:
Сан сирла безам, сан дуьнена безам,
Хьо сох д1акъасти дахаран новкъахь,
Моьттура дагна бицлур бу и 1ийжам,
И хьийзам беача маьлха дуьненахь.
Моьттура суна безамо дог дуьзна,
Со ирсе хир ю керла ойланца,
Амма со кхийти цуьнца кхоллам боьзна,
Ца хилла кхи боцуш г1айг1анца.
Цхьа безам бу сан ойланашкахь хьийзаш,
Т1ам бойна хьоза санна лакхенехь,
Цхьа безам бу сан г1айг1а йелхош тийжаш,
Кхи карор боцуш цкъа а сан дахарехь.
[media=https://www.youtube.com/watch?v=97uU7YqRSxA]
Материал принадлежит ЧГТРК "Грозный"