Фирдаус – Х1у де т1аккха хьомениг (видео)
Х1ара дуьне ша дагол ц1е ю летта сан кийрахь,
Х1ара дуьне ша 1абол дог ду дуьзна безамах,
Иза хьайна хуушехь х1унда херйо ахь со хьайха…
Ц1е д1а яйна шелвелла гуттаренна дог сацахь,
Ницкъ д1а баьлла г1елделла кхи ца г1атта дег1 дожахь,
Йисанийла хаалахь мерза безам бовзаза…
Сай хорамца хьо сацо со ницкъ болуш яц хьуна,
Я хьан сина хьо 1ехо дашна говза яц хьуна,
Х1у де т1аккха хьомениг, хьо ирс долуш вехийла…
[media=https://www.youtube.com/watch?v=x9IUr0ienUY]
Материал "Даймехкан Аз"