Юсуп Истамулов – Хьох дуьххьара б1аьрг кхетча

 

Хьох дуьххьара б1аьрг кхетча, йист хуьлу хезча,

Хьан озе ладоьг1уш хьийжира хьоьга,

Эсалчу, экамчу б1аьргаш хазчу, дагчу ц1е йиллира,

Хьаьжчи хьо соьга.

 

Безаман цу ц1аро ботту сан кийра,

Наб яйна г1уьтту со хан йоцчу хенахь,

Ткъа хьуна ма ца хаьа сан кийра богий,

Дарбана хьайгара хьан безам оьший.

 

Карзаха дуьйлуш сан ас яьхьна хенаш,

Хууш сан даггара, хьо хилла теша,

Эзарнаш хазаллехь жималлехь лепа,

Амма вай безамах уьш буьсу хьера.

 

 

дешнаш (слова) – А. Айдамирова, мукъам (музыка) – А. Яхъяева

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив