Майрбек Хайдаров – Д1айели, ца лери, ца визи (видео)
Ма сирла хетара суна дерриге а дуьне,
И маьлха з1аьнарш сов цхьана хаза къегаш,
Седарчий хетара хьо суна йоьхуш,
Ма ирсе вара со, сай хилла моьттуш.
Д1айели, д1аяьккхи ерриге марзо ахь,
Ца лери ас йина и хаза терго хьан,
Ца визи, ца кхити, ца хили хьо сан,
Со виси сай лазам 1ехаме балхош,
Д1айели, ца лери, ца визи, со виси.
Массара олура ца йог1у хьоьца,
Хетара олу и х1уьттарен сайна,
Со лелар массарна оьг1азе т1аккха,
Ца гора дуьненчохь хьо цхьаъ бен суна.
Со-м х1инца бекхамаш лоьхуш вац хьуна,
Хьан ирсе сирла йоьхь га лаьа суна,
Сахьийзар, хаалахь гечдина хьуна,
Хьо гича вухар вац баркалла хьуна.
В тексте песни могут быть неточности, просьба сообщить.
[media=https://www.youtube.com/watch?v=t_izitfmk28]
Материал принадлежит ЧГТРК "Грозный"