Хизир Ульбиев – Нана (видео)

 

Дагадог1у бераллехь дуьйна, хьан хаза г1иллакхаш Нана,

Со кхиавеш, ларвеш ахь вочунах, хьай са чу диллина дог,

Х1ара маьлха дуьне дитина ма хьалхе яха хьо Нана,

Со хьанах вити ахь тешна? Виси со-м дог доьлхуш Нана.

 

Дагахь а дацара суна, вай сиха къаьстара ду аьлла,

Вай цхьана эцна и марзо йиц ца ло, йиц ца ло Нана,

Вай Дала 1ожал лахь суна, вигахьа хьо йолчу д1а со,

Хьан т1ома к1елахь сан Нана, хир вара парг1ат со т1аккха.

 

Дуьненчоьх вай цхьана дехаш, хийла сох г1алаташ дийли,

Г1алатех ларло  ахь бохуш сагатдеш суна-м хьо йилхи,

Со вина сан хьоме Нана ма дукха йилхи хьо суна,

Ткъа х1инца-м со воьлху хьуна, хьуна-м со воьлхуш ву Нана.

 

Даггара доьху хьоьга Нана, къинт1ера ялахьа суна,

Бехк боцуш хьо хьийзайарна гечдехьа, гечдехьа тхуна,

Дуьненчоьхь мел дукха вахарх, сакъералуш со мел леларх,

Аса дош ло хьуна сан Нана, йиц йира яц аса-м хьо цкъа а.

 

В тексте песни могут быть неточности – просьба сообщить.

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив