Магомед Ясаев – Ирс долуш хета со (видео)
Со ву сатуьйсуш ирсечу дийне,
Гергара хьо хеташ хилйолчу хене,
Ирс долуш хета со цу дене хьоьжуш,
Сил дукха езачу хьоьга ладоьг1уш.
Лааркха ирсечу дахарех волу,
К1адделла цхьалха дог хьоьха д1адоза,
Сай мерза ойланаш хьуна т1е ерзо,
Вайна ирс лехарехь сай вахар дерзо.
[media=https://www.youtube.com/watch?v=Ft17JOWDr54]
Материал "Даймехкан Аз"