Хизир Ульбиев – Со стенна дуьненахь веха? (видео)

 

Со стенна дуьненахь веха, Халкъахь сан кхоллам ца хилча,

Я Даймохк х1оттахь г1о деха, Са дала ца хилахь кийча,

Ненан мотт ца хаахь бийца, г1иллакхе сий деш а вацахь,

Я дезча сий лардан ц1ийца, къонахчун яхь соьгахь яцахь.

 

Со стенна веха дуьненахь, тешамех дог дуьзна дацахь,

Хьан гамо нахаца лехар, доггаха сийсаз деш вацахь,

Хеназа кийрахь дог 1овжош, бохамо ц1еххьана лацахь,

Къурдаш деш сайн бала 1овша, собарца стогалла яцахь.

 

Со стенна дуьненахь веха, де-нена пусар деша вацахь,

Я ца луш дахарех 1еха, царна чу са дуьллуш вацахь,

Доттаг1чо б1аьрзе г1о дехча, дог дала а кийча а вацахь,

Езачо кхи безам лехча, и ла со къонах а вацахь.

И дерриге а вай ц1ийа дацахь, со стенна дуьненахь веха?

 

(В тексте песни могут быт неточности. Просьба сообщить.)

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив