Амина Абубакарова – Дуьненан серлоно ца 1абош хилча дог
Сайна цкъа а ца гинчу цу маьлхан басахь,
Суьрташ т1ехь дуьллу сай бералла аса,
Кхоьру со сай басарш нис ца даларна,
Хала ду ца гуш сурт дилла.
Амма со ца къарло, юх-юха а 1ама,
Гонаха аса дуьллу исбаьхьа 1алам,
Стигла ю боху цхьа сийна,
К1айчу мархашка д1аийна.
Дуьненан серлоно ца 1абош хилча дог,
Мел йолу хазалла б1аьргашца хьастаца,
Делахь а вай Далла аса хастам бо,
Деллачу ирсана, сай ирсана.
Сайна цкъа ца гинчу сай ден амат,
Аса хаздеш дуьллу сай амат,
Сай ненан хазаллехь тесса уьйраш,
Цо хьоьсту и
довха куьйгаш.
В тексте возможно допущены ошибки, просьба сообщить, так как слова записывались с эфира, не все можно разобрать.
(Во время исполнения этой песни, а пела песню слепая девочка, многие зрители в зале плакали)
[media=https://www.youtube.com/watch?v=0alXOGSDjwU]
Материал "Даймехкан Аз"