Ислам Джамалдинов – Сан мерза езар
Дахаро сан ойла хьуна т1е йоьг1на,
Ас лехна сай безам хьоьца и хетта,
Кхин ойла ца йо ас, сай хир юй хаа хьо,
Хьо декъал хилийта ас олу дешнаш.
Хьо ирсе ехийла декъала хилла,
Вай некъах ца юхуш ларбелахь безам,
Вай ирсе дехар ду мерза хан йоккхуш,
Со вог1у ларвелахь сан мерза езар.
Со ирсе ву тахана хьо еза дела,
Хьан деган и марзо сайн евза дела,
Малх санна къегина хьан хаза елар,
Билгало ю иза хьуна со эшар.
Слова (текст) песни записаны простым прослушиванием. Поэтому могут быть неточности, при обнаружении просьба сообщить.
[media=https://www.youtube.com/watch?v=VVQh9h-03Iw]
Материал "Даймехкан Аз"