Тамила Сагаипова и Зарема Ирзаханован – Теша сох

 

Х1ораммо геч дина сан дахар хьоьца,

Къоналлий безамо дог хьоьстуш хенахь,

Со реза ю хьомениг сатуьйсуш яха,

Хьоьца бен ца лоьху ас сайн дахар.

 

Теша сох, декъал беш сан мерза безам,

Вог1ур ву со йолче сан хьоме везар,

Эрна хир дац хьоьга со даимна хьежар,

Аса дагца лардо вай, безамах тешар, тешар.

 

Мехкаршна юккъехь сан ирсан кхаж баьлла,

Хьан х1усаман сий хилла ехар ю аьлла,

Хьан сий, а ц1е а лар йеш, ехар ю теша,

Кхоллахьа хьомениг сан деган тешам.

 

Сан х1усаман денош хир ма ду шийла,

Хьо олуш ца хилахь безамца суна,

Хууш и денош д1аоьхуш ду хийла,

Ас ирсе лардийр ду д1адала хьуна.

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив