Магомед Ясаев – Нохчийчоь
Нохчийчоь – хьол хаза мохк хир бу аьлча,
Тешар вац, хестор ю сай юрт,
Б1аьстенан дийнахь со гу т1е ваьлча,
Б1аьра хьалха ма х1утту ялсмане сурт.
Нохчийчоь – хьол дика мохк хир бу аьлча,
Тешар вац, дац иза хестор сай дин,
Аьхкенан дийнахь со бохьла т1е ваьлча,
Аренахь гуш дериг сурт ялсманин.
Нохчийчоь – хьол аьхна мохк хир бу аьча,
Тешар вац сай тог1е хестор и дац,
Гуйренан дийнахь со лаьмнашка хьаьжча,
Суьрташ го хаздина сай варх1и дас.
Нохчийчоь – хьол оьзда мохк хир бу аьлча,
Тешар вац, иза дац хестор сай дин,
Лехарх ас сай дерш т1е а тийсина талсаш,
Дуьненахь суна мохк бац хьол хьоме кхи....
[media=https://www.youtube.com/watch?v=lWZ8trHI3Kw]
Материал "Даймехкан Аз"