Элина Дагаева – Мерза безам

 

Дийцахьа ахь соьга хьайн дагахь мел дериг,

Алахьа ахь соьга дуьне гур ду дерриг,

Хьай лаам, хьай ойла йийцахьа ахь соьга,

Безамо тесна мерз марзонца хуьлийла.

 

Исбаьхьа ша хазаллица мерза бу вайн безам,

Дуьненан 1алам, адам хьоьгуш, вайна юккъехь тешам,

Замано вай хесто ирсан дуьне серла даьлла,

Хаза ойла, мерза ойла вайн дегнаш чу яьлла.

 

Серла буьйлуш лепа ас хаьржина седа,

Ойла хьоьца хьийза сахьийзаш со хьийза,

Хазачу веларча, мерзачу безамца,

Соьца хьо хилахьа шеко ца еш безамна.

 

Ойланий мотт сецна, лаьтта со цаьц яьлла,

Хазалло хестарна и вай мерза безам,

Бер санна и ларбеш марзо хьоьца оьцуш,

Х1аваэхь айделла лаьттийла вай дахар.

 

Текст песни (слова) - при обнаружении неточностей, просьба сообщить.

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив