Зелимхан Дудаев – Цкъа гина елара хьо
Безамо х1улк ма дина, ас хийла ойла йина,
Дилха дог ахь човхийна, дуьххьара хьо гичхьана.
Буьйсанна наб яйна сан, де а сан синтеме дац,
Хир юй те йиш хьо цкъа ган, ца гича со волуш вац.
Цкъа гина елара хьо, дош аьлла делара ахь,
Юхь-сибат хьан диц ца ло, ма дукха йийзикха хьо.
Хоьтту ас цу мархашка, хоьтту ас олхазаршка,
Хоьтту ас шовданашка, карор яц, ца йолу ка.
Карзахе дог сацалац, хьоьх вала ницкъ кхочур бац,
Сан ойла кхи тийна яц, хьо йоцург кхин амал дац.
Текст песни (возможны неточности, просьба сообщить)
[media=https://www.youtube.com/watch?v=tf7WbK0DzEs]
Материал "Даймехкан Аз"