Марха Гайрбекова – Декъаза безам

 

Текст песни:

Дахар сай дезара хьо вовзарна,

Безамах тешара ахь бийцарна,

Х1оранне езаш йо1 со хиларха,

Хьо цхьаъ бен вацара ас хаьржинарг.

 

Соьга болчу безамах шеко йоцуш,

Ахь дуьйцучу хабарех тешам болуш,

Харцо ахь хийлаза сайна йарха,

Бертаза геч дора хьан къиношна.

 

Сай г1алат ца гора т1ехь тешарна,

Хиллера везарна б1аьра са дайна,

Амма ахь сан тешам бахьна дина,

Беламе т1еици даггара безам.

 

Со т1аьхьа кхетарна бехк ма билла,

Хьо т1аьхьа вовзарна г1алат хилла,

Д1авала к1ант х1инца сан новкъара,

Йита со д1аяха нийсачу новкъа.

 

Марзоца ца хили вайшинна безам,

Барт болуш ца хили вайшинна довзар,

Декъазчу безамна со реза яц,

Мел хилларш дицдина геч дийра дац.

 

Къизачу дагахь хьан да х1ума дац,

Ямарчу ойланах тешам кхи бац,

Цундела вуьту хьо кхи леваьлла,

1а дика йойла хьан декъаза безам.

 

[media=https://www.youtube.com/watch?v=1PSKLAcmCOg]

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив