Шерип Джабраилов – жима Амила

 

Текст песни:

Ехаш ю жима йо1 зезагал хазъелла,

Стиглара седарчех б1аьргаш тардина,

Массарел къаьстина бос лепа олхазар,

Эсала амалца беснеш ц1е йина.

 

Сел дукха езарна Дала схьаелла ю,

Малх санна къегина жима Амила,

Дадина, нанина хьан г1о кхи ма гойла,

Ирс долуш кхуьийла, г1оза ехийла.

 

Беттаса хетало хьан доьхьа къегийна,

Сахиллалц хьо ларъеш буьйса хазйина,

Стиглара дашо малх хьан коре хьожур бу,

Безамца маршалла хьоьга кховдийна.

 

Еларца г1атталахь керла де къагадеш,

Мохь тухуш алалахь хастам бу Далла,

Могашалла тойина со кога хотторна,

Ехар ю ирс долуш дика йо1 хилла.

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив