Тамара Дадашева – Т1аккха хьо соьха тешар ву
Текст песни:
Хьо соьха къаьстира хилларг ца дуьйцуш,
Б1аьргаш хьан йитира шелонца чехош,
Со хууш ма ю, хьо вуй со езаш,
Малх буьзна балале хир вуй со лоьхуш.
Соьга сатуьйсуш хьо ма ву, сахьийзаш хьуна со ма ю,
Ахь со ца кхайкхарх, йог1ур ю, сай безам хьоьца боькъур бу,
Хьан б1аьргаш суна доьлур ду, вай цхьана ирсах догур ду,
Т1аккха хьо соьха тешар ву, хьан безам со буй хуур ду.
Ахь со д1ахийцира маьрша ю аьлла,
Къаьхьалла 1евшира дагна чов хилла,
Вай безаман дуьхьа ас гечдо хьуна,
Со бен ца оьшийла, и хаа суна.
Хьо соьха къаьстира бахьана доцуш,
Б1аьргаш хьан йитира йиталур йоцуш,
Со хууш ма ю, хьо вуй со езаш,
Малх буьзна балале хир вуй со лоьхуш.
Видео "ДайМохк ТВ" с канала YouTube