Ислам Джамалдинов – Кхи лоьхур яц хьо
Т1ех йели хьо девзаш доцуш санна,
Дезна доцуш санна херйели,
Иштта нисдели – ахь соьга ма баха,
Наха ца йити, наха ца йити.
Ас кхи лоьхуш яц хьо, лоьхур яц аса, генахь хир ву хьуна везнарг даима,
Неха хир ю неха хир ю хьо тховса, Неха хир ю, декъал яхалахь г1оза.
Ас хьан аматаш кхи дагахь сецор дац, безамах сай дог кхи атта тешор дац,
Вехар ву хьо езар сайна дицдина, Хьоьга сатийсар, ойланаш дихкина,
Кхи лоьхур яц хьо, кхи лоьхур яц.
Доьху хьоьга ма кхардалахь кхана,
Дуйнаш дууш дош лочу хьалхахь,
Лаахь гечде ахь, езарг гечдеш хьайна,
Хьо ца йицъйеш лелаш волчунна.
[media=https://www.youtube.com/watch?v=MDHOZSY5iCM]
Видео пользователя "Нохчийн Республика" с канала YouTube
Поделитесь с друзьями:
Новость отредактировал: admin - 26-07-2016, 19:17
Причина: Обновлено 26.07.16