Тимур-Булат Хасанов - Хьо йолчу вог1у со

 

Дато нур 1еночу баттаца, 1уьйрене кхойкхучу седанца,

Безамах хьоьгучу ойланца, хьо йолчу вог1у со.

Зазано 1абинчу б1аьстенца, малхо а къагийначу з1аьнаршца,

К1ай мархи машара тесаршца, хьо йолчу вог1у со.

 

Хьан сирла ойланаш декъала хуьлийла,

Безаман некъаш а маршонца лоьхийла,

Вай оьзда мехкарий безамо хьоьстийла,

Яхь йолу къонахий шай ирсе кхочийла.

 

Сирлачу шовданий декарца, зевнечу забарийн эшаршца,

Безамо кхиинчу тешамца, хьо йолчу вог1у со,

Массарел хаза йо1 лехарна, дагчохь сан хьан амат сецарна,

Хьоьца сай ирс долуш хетарна, хьо йолчу вог1у со.

 

 

В целях защиты авторских прав, скачивание не предусмотрено.

Материал принадлежит ЧГТРК "Грозный"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив