Хеда Газиева – Ц1ена ойланаш

 

Сирла хаза шовданаш б1аьрхиш санна лаьмнаьх 1ийдало,

Т1ам ца тухуш аьрзоно генахь парг1ат туьйсу го,

Латта, стигал маьрша йо бехказа йолчу мехкан хазалло,

Х1ай сан ц1ена ойланаш г1ене шу ма йерзалаш, бакъдерг семах суна гайталаш.

 

Тхи диллинчу бацалахь деши лепаш малх а белало,

Цо з1аьнаршца хьаьстича качлой зезаг цунна даьллало,

Церан безам кхайкхабеш бесбесара аьзний мукъамо,

Хьоьстуш деган ойланаш г1енах тера хилалаш, бакъдерг семах хиларх тешайо.

 

Ирсо дог1а къийдадо, д1аэца и боху замано,

Лерахь цуна гергарло бехка толуш хир ду хьуна шо,

Сан ойланий бахамо бесбесара суьрташ х1иттадо,

Х1ай сан ц1ена ойланаш, г1ене шу ма йерзалаш, бакъдерг семах суна гайталаш.

 

 

Материал принадлежит ТРК "ДайМохк"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив