Вахид Аюбов – Нана, со хьан к1ант ву

 

Текст песни и видео:

Дийна волуш виц вича х1у дийр ду аша со велча,

Накъостий баьхна лай тхан ло т1е кхаьччи лар яй,

Дахаро кховдийна къаьхьалло йекъа ца лиъча,

Накъостех х1у до вай де доьхча уллехь ца хилча.

 

Х1умма дац, х1умма дац, дуьненан терза ду говза,

Дукъ доьхнарг юха верзо мацца кхочур доза,

Дийна волуш виц вича, х1у дийр дац аш со велча,

Дика ду шу доцург суна волуш дела и элча.

 

Нана, хьо цхьаъ бен яц сан деган ойланах кхеташ,

К1инт1ера хьо ца ялахь дац боху суна и вижа каш,

Мел генахь хиларх со до1а до ахь Деле ц1а воьг1уш,

Хийла хан яьккхи ахь некъ ларбеш вог1ий со хьоьжуш.

 

Вог1ур ву, кхочур ву бисина накъостий балош,

Эсала хьоьжур ву хьан Нана кийрара дог 1абош,

Мерза дош эра ду и бала кийрара кхачо,

Нана, со хьан к1ант ву, бусулба умматах, Нохчо.

 

Маржа яъ Даймохк хьо, ма ганза дацара вай во,

Эскаро буьллуш го хаабелла бохуш а т1емало,

Т1ехьийзош шийла го вай Деле дийхина долу г1о,

Вайна ма сих дицло вай вовшех дина хилла долу г1о.

 

Х1умма дац, х1умма дац нийсонан тептар ду говза,

Вицвеллараг дика кхето цкъа мацца кхача до йоза,

Яьздинчух вера вац адамаш иштта ма ола,

Вай карахь х1умма а дац, Дала вай вочух лар дойла.

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив