Тамара Адамова – Хьо везарна

 

Текст песни и видео:

Седа боьжча стиглара дехнарг хуьлу аьлла,

Сатийсамца даггара стигла хьежа яьлла,

Лахахь корехь юьтуш со, лакхахь т1ома яьлла,

Ойла хьийза карзахе сатийсар совдаьлла.

 

Хьо веза йиш яцахь сан сирла са ма кхета,

Хьоьца кхоллам бацахь сан беттаса ма лепа,

Нагахь эрна хир делахь сан деган сатийсар,

Хьай дуьне ахь малхана гонахь го ма тийса.

 

Хьо сан деган зезаг ду суна кхиъна аьлла,

Сан кхолламан ирсечу некъа т1е хьо ваьлла,

Хьо везарнахетало дуьне дола даьлла,

Хетало соьл ирсениг лаьттахь хир яц аьлла.

 

Шовда санна 1еначу хьан дешнех со тешна,

Даима сай хьоьстуш дог хьан довха дош эшна,

Сан дагчу а хьаьжна хьо ваьлча ойла йешна,

Ма йиталахь доьху хьоьга кхоам боцуш тесна.

 

Малх схьакхеташ дуьненна серло яла кхета,

Буьйса хаза ян беттаса шен нур 1енош лепа,

Ойла хаза ян олхазарш дуьлало йиш лекха,

Суна-м везнарг сай дуьхьа хьо кхоьллина хета.

 

Сирлачу хьан б1аьргаш чу к1орда ца до хьежа,

Лааркха уьш даима сайна цхьанна къежа,

Дагатуьйсу дешнаш хьан: «Суна хьо цхьаъ еза»,

Цуьнах хуьлий мерза кхаъ, аса олу: «Хьо веза».

 

Х1ай сан деган мерз стом, х1ай сан деган эла,

Ма сирла ду велар хьан, мо оьзда ду лелар,

Хьоьх яьлчи ца маггал, хьо дагна веза дела,

Даима дог дог1у сан хьуна йелха, йела.

 

Хьай цу баьхьчу аматийн еха йисар хилла,

Реза хир яц дагна сай везачух дог дилла,

Лазам хилла безам вай, ца бисита 1илла,

Вай ирсечу кханене сирла некъ ахь билла.

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив