Имран Усманов – Дахар. Зама.

 

1. Дахар 

Ах дахар чекх дели, кхи оццул вахахь, я дерриг чекх дели ас динарг дахь,

Со сан вериг дуьненчу соьл т1аьхьа ваг1ахь, ирсе и хир ву цо аса динарг дахь.

Айса мел гулдинарг халкъана доькъуш, сай халкъо гулдинарг 1алашдина,

Харцона т1е ца товш, бакъо лоьхуш, серлоне, нийсоне со кхийдина.

 

1аламан хазалла бераллехь дуьйна ма ярра евзина еза а луш,

Тешнабехк, ямартло йолчаргахь суна, къайлах мел леларах хилла и гуш,

Дахарах, безамах, доттаг1аллех а, бераллех, къоналлех, къонахаллех а,

Язда а виц ца велла сай иллешкахь, уьш яздар нисдели шай хенашкахь.

 

Тешавеш 1ехави со цхьа болчу наха, суна-м со тешаро зе ца дина,

Зулмах ларлуш а 1еми со ваха, и пайда суна цу наха бина,

Хьалкъалахь ц1е йожо бакъ доцург дуьйцуш, цхьаццаммо эт1ош сан дог лезна,

Делахь а со-м ваьхна сай амал ца хуьйцуш, массарна а геч дина, массо а везна.

 

Берриг сай ницкъаш ас иллешна белла, дуьненчохь сайла т1аьхьа уьш дахийта,

И дерриг а иллеш ас халкъана делла, сай доьхьа ваьхна со ца бахийта,

Сайна хир доцург ас Деле а ца дехна, амма цо деллачунна бина хам,

Карийнарг д1а а тоьттуш, кхи ирс ас ца лехна, цундела тайна суна вахаран чам.

 

2. Зама

Замана вордана ч1къургаш ю керчаш, лай т1ехь а, бай т1ехь а цо лар юьтуш ю,

Зезагаш а, б1аьаш а ч1къургах а хьерчаш, ца соьцуш и ворда д1аоьхуш ю,

Геннара йог1ушшехь йоьду и генна, цхьаъ бен кхи некъ бац, кхачалац и,

Ницкъана къона ю хан ю къена, цхьанна х1умане сацалац и.

 

Некъахой, турпалхой цун т1аьхьа бог1уш, буьссуш бу т1ера хенашкахь шай,

Вайха тарло цу вордан т1ехь дог1уш, меттигаш цу т1ехь шен-шен ю вай,

Замано къайлахь шен хиташ йо соьга, кхета со, восса кечло боху цо,

Собардехьа зама, аса доьху хьоьга, воьдуче кхачаве вуссар ву со.

 

Заманан вордан ч1къургаш ю керчаш, некъахой дуьнене б1аьрг бетташ бу,

Зезагаш а, б1аьаш а ч1къургах а хьерчаш, сахуьлуш, садовш а и д1аоьхуш ю.

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив