Асет Абубакарова – Ненал мерза дуй техьа х1умма

 

Шай наной болчара, аш церан сий делаш,

Хастам беш хиларна марзонаш эцалаш,

Хеназа къаьстинарш, шу коше х1итталаш,

Ненан каш б1аьрхишца эсала хьасталаш.

 

Хийла шаьш собаре вай вонна гечдина,

Наноша цатамаш вайх денна хьулбина,

Бохамах лардина, оьзда некъ 1амийна,

Махкана вай карахь хала кхиийна.

 

Ненал деза, ненал мерза вай дуьненахь дуй техьа х1умма,

Дуьненахь дуй те терза хьан дикалла оза тхуна.

 

Доттаг1ий ларлолаш, ненан дог 1овжорна,

Ю шуна и йогуш берийн дог лазорна,

Вай ц1ерга ца яьккхина дуьненан хазалла,

Нена къа хьаьрчинарг ца хилла декъала.

 

Нена ц1е уггаре сийлахьа хьомсара,

Дуьнене дист хуьлуш вай йоккхург дуьххьара,

Ю иза вай деле къилбехье йирзина,

Берашна малх боьхуш, де доьхуш даима.

 

[media=https://www.youtube.com/watch?v=Y4VD1Xy-8bE]

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив