Валид Гадаев – Сан Г1ала

 

Полный текст песни:

Кхолламо со гена вахарах дог-ойла хьоьца ю,

Геналлехь г1елвелла висинчохь сан Г1ала соьца ю,

Сан Г1ала,денна хьо хазлуш ю дахаран,

Марзо сан хьоьца ю даиман,

Хьо хьоьстуш декаш ду къона зевне аз.

Сан Г1ала, воккхавеш лела со дахарехь,

Ахь ирс луш веха со сан Г1ала, сан деган марзо ю хьо.

 

Хьан шийлачу шовданех къурд банза, хан яьлла хьогах ву,

Сирлачу урамех доггаха б1аьрг тоха хьаьгна ву,

Сан Г1ала, Соьлжана тулг1енах хаьрчина,

Б1аьстенан 1аламца яьржина ойланца хьан х1усаме вог1ий вуссу со.

Сан Г1ала б1аьрхишца даима хьистина,

Даггарчу безамца къастина сан деган марзо ю хьо.

 

Сай синан пхенах ас буьллур бу Дег1аста бог1у некъ,

Даг т1ера Салам д1акховдор ду мохь тухуш Нана-Мохк,

Сан Г1ала, хьоьгара маршалла хаьттина,

Кийра хьан марзонах 1абийна ирсах ас дузур ду сай хьоьца дахар.

Сан Г1ала, дайшкара г1иллакхаш марздина,

Оьздачу наноша сий дина, сан деган марзо ю хьо.

 

 

В целях защиты авторских прав, скачивание не предусмотрено.

Материал принадлежит ЧГТРК "Грозный"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив