Иман Маашева - Даймохк
Полный текст песни:
Ломахь цхьана эшара, Даймохк хьостуш эсала,
Аз мукъамехь декара цхьа хазачу эшарца,
Юьйцуш лаьмнийн хазалла, дора дозалла,
Ловза юьйлушдегнашна, Даймохк, хьан ц1е йохура.
Нохчийчоь – сан сийна беш, йеха со хьох йоккха йеш,
Хьан 1аламан туьйрано сан эшарна мукъам ло.
Лекха лаьмнаш, шовданаш, луьста хьаннаш, черакъаш,
Нохчийчоь – сан ирсан ц1а, хьо бен яц сан гергара.
В целях защиты авторских прав, скачивание не предусмотрено.
Материал принадлежит ЧГТРК "Грозный"