Сулейман Ахаршаев – Сан илли
Парад Голосов – отчетный концерт
Текст песни:
Хир ма яц хьо йоцчохь марзо, лоьхур яц хьо йоцу маьршо,
Дахаро вай дегнаш хьоьсту, къолламо дог1а д1адаьсти.
Безамо хьо харжа бохуш, ирсан некъ гойтур бу суна,
Г1енашкахь са карзах доккхуш сан илли хезар ду хьуна.
Сан туьйран къолламан седа, хьоьх йолу марзо яц хедаш,
Туьйранахь санна хьо лоьху, ло суна деле ас доьху.
Безаман ц1е дагахь хьерчаш, ойланаш тилйелла теша,
Хьо йоцчохь дог сох ца кхета, хьо гар ма синтеме хета.
[media=https://www.youtube.com/watch?v=RJyml1o7jAE]
Материал ЧГТРК "Грозный", "Даймехкан Аз"