Мурад Дударов – Дийца йо1
Текст песни и аудио:
Ю те хьо цу деший з1аьнаршех маьлха, я беттан детий нур ду теша хьо,
Некхехь сан жима дог деттало аьрха, алахьа йо1 мичхьара, мила ю хьо?
Бакъдолчу жовхарех ю те хьо йина, сан ц1еначу ойланех ю техьа хьо,
Ду те хьо дарбане шовда сан сийна, дийца йо1 мичхьара, мила ю хьо?
К1ай зезаг ду те хьо цу Теркан арара, я седа бу теша къилбехьара хьо,
Хьо санна оьзда йо1 со яйна вацара, дийца йо1 мичхьара, мила ю хьо?
Йо1-туьйра ду те хьо ца хезна хьалха, я г1енара г1ов еъна ю теша хьо,
Пурба дац йо1 вита безамца цхьалха, ма ала г1енара ю соьга хьо.
Яьккхинчун ю олуш дара г1ала, орцаха ялахьа хазаниг хьо,
До1ана жоп луш ду барт болчохь Дала, алахьа хьомениг реза ю хьо.
Эта песня заняла пятое место в «Национальной пятерке» - Октябрь 2013
В целях защиты авторских прав, скачивание не предусмотрено.
Материал принадлежит ЧГТРК "Грозный"