Руслан Ибрагимов - Сакура
Текст песни и аудио:
Безамо дог 1ийжира хийлаза хьистина дитира 1илла и,
Цхьалхала синтачохь лезира, хийтира ирсе кхи,
Карзахе де-буьйса схьах1уьттура, кхерамаш наб йохош туьйсура,
Безамо шен ц1ергахь воттура, амма ас хьоьга сатуьйсура.
Б1аьстенца заз доккху Японехь сакура санна,
Заз даьккхи сан кийрахь ц1еххьана хьан хьажаро,
Хазаллехь, ц1еналлехь къегийна хьо яйра суна,
Хьайца ахь еара синтеме деган йовхо.
Б1аьстенца Японехь тергал йо сакура санна,
Тергал еш цхьа веха лаьттира со,
Хьуна сай дахар ас д1алур ду йисначу ханна,
Язйина лелор ю даггара езарна хьо.
В целях защиты авторских прав, скачивание не предусмотрено.
Материал принадлежит ЧГТРК "Грозный"