Хеда Хамзатова – Ирс ду-кха

 

Текст песни и видео:

Ирс ду-кха хьомечу Даймехкан лаьттахь,

Хьан ваха йиш елахь диканца маьрша,

Вист хила некъ белахь хьайн ненан маттахь,

Я кийрахь дог дацахь к1ора санна 1аьржа.

 

Ирс дукха лахвалар юххе шен нанна,

Эшамаш биц бина цуьнга ладоьг1на,

Я хаза хетийтар муьлхачу цхьанна,

Кхоьлинчу б1аьргаш чу серло а тоьхна.

 

Ирс ду хьан тешаме доттаг1а волчохь,

Сада1а хьо хиънехь белш белшах тоьхна,

Ден милла во эшна хоьттича холча,

Д1ахьада ницкъ белахь ца хьаьвзаш воьхна.

 

Ирс ду-кха безамо 1ийжабар кийра,

Сих-сиха мерзачу набарха вогуш,

Я бай т1ехь зезагаш, я стигал сийна,

Седарчий хьан хержа йиш елахь богуш.

 

Ирс ду-кха къастадар вон, дика вовшех,

Дуьненна хьийзарехь кура ца волуш,

Гора я1 дахар вай доца ду доца,

Д1адоьду сихаллехь вай вовшех дохуш.

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив