Имран Усманов – Доттаг1чуьнга кехат

 

Текст песни и видео:

Сан Салам-Маршалла дезаш д1а эца,

Сан ойла д1а яьхьи кехато шеца,

Даггара доуьйту ас хьога и,

Цо яьхьа ас хьуна язйина стих.

 

Хьуна ма мотталахь со 1а вицвелла,

Наггахь бен ца кхачарах соьгара кост,

Ма мотта безамна сан дог херделла,

Дицделла хьан амат, бицбелла бос.

 

Ма мотта доттаг1а бераллийн зама,

Йиц йелла сир даларах сан коьртара чоьш,

Мел дукха хан яларх вай къастичхьана,

Йиц йелла хьан амал, хьан ира дош.

 

Сан кехат хьедаларх оьг1аз ма г1олахь,

Хаалахь, куралла соьга кхаьчна яц,

Дог мел ду детталуш дахаран лорах,

Хийцалуш ямарта сан и хир дац.

 

Кехат сан хьеделла хаза дош лоьхуш,

И хьуна даийта г1ертарна со,

Волийла безамах, волийла хьоьх а,

И делахь со 1ерна вицвина хьо.

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив