Медни Асхабова – Аганан йиш

 

Текст песни и видео:

Ма лерина хьоьжу хьо мамига,

Сема ладоьг1у мел олучуьнга,

Хьо вехийлаирс долуш дуккха а,

Дадех хьалхе дисина дуьне даа.

 

К1ай зазаш ма хьийна вайн хаза беш,

Олхазарш ду 1аламах даккхийдеш,

Зевне лоькху б1аьстенна шай иллеш

Байчу мохо техкайо зазийн беш.

 

Алилай, балилай, алилай, балилай.

 

Батто стиглахь туьйране нека до,

Лаьтта т1е шен сирла нур 1енадо,

Диттийн баххьаш г1айг1ане шабарш до,

Ас сайн деган тулг1енехь къурдаш до.

 

Дуьне даа веана хила хьо,

Латта хаздан веана хила хьо,

Сан ирсана веана хила хьо,

Ву олийтуш дика к1ант кхиа хьо.

 

Ма хьежахьа лерина мамига,

Ма делхахьа лерина д1адижа,

Набаро хьоьга д1акхойкху гена д1а,

Цо вуьгур ву туьйране аренга.

 

Б1аьргаш хьаббе сан к1орни тарло ган,

Семах ган йиш йоцург г1енаха.

 

 

Материал принадлежит ТРК "ДайМохк", "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив