Ненах лаьцна видеоролик

 

   Ма дукха хан ю-кха нана ахь со 1уьйранна г1аттоза. Ахь хьай довхачу, хьай хьовхачу куьйгашца кечбинчу кхача ас батт тохаза ма дукха хан ю-кха. Хьо х1инца хьокху кертахь 1аш ю, х1инца хьо хаьттина цхьа а ца вог1у вайга.

   Со вог1уш ма хиллара, юха а зиярте веара хьо йолче, хьоьга сайн йоьхна ойланаш йийца, сайна хуьлуш долу цатемаш кху дуьненчохь, сай г1айг1а, сай дохко вийлар хьоьга далхо. Хьо дуьхьал йист ца хуьлу. Хьан кхалхар бекхам санна диси суна, хьо соьца ма дика яра, со хьоьца ма дика ца хилла. Иштта, оцу лазамо хьийзаво-кх со нана.

   Тхох цхьаъ хила хьара бохуш, тхо нахал оьшуш ца хилийта г1ерташ и г1ийла лол бетташ, хала хене йоьдуш, хьан мах тхуна ма к1еззиг хууш хиллера-кха. Оцу къизачу лазаро лаца а лаьцна хьо к1ела йиссалц. Сайна цхьа жимма а хьоьгара цатам хилча, айса наь1 т1еяттар ца дицло суна.

   Со велла велара и ца тухуш, цкъа хьуна вас ца йеш, цкъа халахетар ца деш. Соьгара х1уъа даьлча а, суна эзарза кхинт1ера яллал къинхетаме долу и хьан дог цкъа ца дохош иттоза велла велара со. Тахана юха а кехнашка а веана, хьан кошан барз т1е куьг хьоькхуш, дагахь баламе чевнаш 1ийжайо сан.

   Со ма ч1ог1а дохко ваьлла-кх, сан дохко валар ма т1аьхьа дисна-кх. Хьо сайна х1етте а къинт1ера яьллий-м хаьа суна, со ца ваьллахьуна сайна кхинт1ера. Со цкъа а вера вац сайн къинт1ера. Дуьне атта а диана-м ца яха хьо. Хьо яккха ма езза къинт1ера яккха со ца кхиарна къинт1ера ялалахь суна, къинт1ера яла ца хууш яцара хьо.

 

 

Материал принадлежит ТРК "ДайМохк"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив