Хеда Хамзатова – Даймохк
Текст песни и аудио:
Даймохк – дуйте бераш хьастал хьоме хьо тхуна санна,
Даймохк, хьох ца довла лайна бала хууш ву Дела,
Хьора хьан чевнах дегнаш дилхина,
Хало лайна, амма гора тхо ца х1иттина.
Дахар, хьо бу тхан синкъерам, дагчохь дека илли хьан,
Дахар, т1е х1оттарх мел кхерам 1алашдо вай Дала,
Ирсах тешарца, ц1енчу безамца,
Дуьненах ца дуьллу дог хьо тхайна эшарна.
Дахар, бу тхан Далла хастам тхо зуьш цо белла бала,
Декъал деш тхо дина къаста къонах цхьана деш дегнаш,
Деза вай къийса, дикане сатийса,
Далла т1е боьду некъ чекх боккхуш а нийса.
[media=https://www.youtube.com/watch?v=lsBslmALb-c]
Материал Студии TerzRecords