Рамзан Кириев – Парг1ато лоьху ас
Д1адели дерриге, ца юьсуш даг т1ехь лар,
Мацах ца баьгнахь а безам сан б1аьргаш чохь,
Дог ахь кхи 1ехор дац, ойла хьайх тешош яц,
Тамехьчу дешнашца кхи леван хуур дац.
Парг1ато лоьху ас, йоцучохь хьо висна вац,
Д1адойуш вай г1ора-де, некъ кхи боцуш безамехь,
Ахь со ца ви ирсе, ца хьаьжи сан даге,
Хили къастар къолламо, ца тай вовшех вай амал.
Ас хьо кхи кхетор яц, дегабаам лоьхур бац,
Безам ас хоьцу д1а сайца кхи ца леха,
Доьхначу сан дагна ахь ян кхи г1оле яц,
Ницкъ хир бу хьо йиц ян, лаам бу юха ган.
Текст песни и аудио:
В целях защиты авторских прав, скачивание не предусмотрено.
Материал принадлежит ЧГТРК "Грозный"