Айза Дадаева – Эсала хаза дела къежа б1аьргаш

 

Концерт «Парад голосов 2013»

Ше маттахь олуш, хаза дош долуш,

Куц башха тайна цхьа к1ант ву гуш,

Дог, ойла догуш хьийзош ма воллу,

Безаман марзо сан дагна луш.

 

Эсала хаза дела къежа б1аьргаш,

Бохуш санна шаьш доцург ма хьажа,

Хиларна со кхоьру сайха къа хьаьрчаш,

Нагахь цуьнан б1аьргаш ас ца харжахь.

 

Хьажахьа суьйре, арахь ю гуьйре,

Ма говза лебо к1анта шен мотт,

Бакъдинарг туьйра, хир бац а хийра,

И воцчохь яц а дуьненан чот.

 

Синкъерам къагош, дог дашца дагош,

Сан дахар хаздан веа те хьо,

Кицанаш далош, со берта ялош,

Безамца воьлуш сан дагна го.

Текст (слова) песни и видео:

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив
Positive SSL