Шарпудди Солтаханов – Сан Дег1аста

 

Концерт «Парад голосов» 2013

Выступление Шарпудди Солтаханова с песней "Сан Дег1аста"

 

Хьо хазйинарг хьан лаьмнаш ду, лаьмнех дуьйлу шовданаш ду,

Хьан исбаьхьа 1аламаш ду, со кхиийна сан Дег1аста,

Лекхчу лам т1е хьала ваьлла, хьан 1аламе д1а-схьа хьаьжча,

Сан б1аьргийн нур серла долу, кийрара дог ловза долу.

 

Амма буха хьала долуш Орга дог1у тулг1еш йетташ,

Цу тулг1еша лам бекабеш ламан аз хеза суна.

Олхазарш ду хьуьнхахь декаш, бес-бесара аьзнаш долуш,

Церан аьзнаш хаза хеташ ладоьг1у ас ойланашца.

 

Царна юккъехь билгал долуш, цхьа олхазар хуьлу декаш,

Шен эшарца хьо хьестайеш, дехаш хуьлу сан Дег1аста,

Бай т1е даьлла зезаг санна къегина ю хьо сан Дег1аста,

Заз даьккхина бошмаш санна тхан дахар ду ахь хаздина.

 

Текст (слова) песни и видео:

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив