Суммая –Сан дагца къийса

 

Дахарехь би ахь керланиг хийцам,

Хан-зама ца тоъал ду дукха дийца,

Коьртера ойланаш сихйелла хьийза,

Хьо х1унда веа те сан дагца къийса?

 

Зазано хазйинчу беша а юьйлуш,

Х1ора а зезагах дага а юьйлуш,

Денош ма д1а уьду хьо цаьрга вуьйцуш,

Вуй те хьо хьайн зезаг гаре сатуьйсуш?

 

Шовданехь даггара дуьйцучех хьоьгуш,

Йист йоцчу ирсех ас хийла туьгу

Бус-буса йист йоцчу ойланца къуьйсуш,

Седарчий къахеташ сан б1аьра хьоьжу.

 

Йист йоцчу ойлане башхалаш хийца,

Хан-зама тоьар яц дагахь дерг дийца,

Жимачу сан хенан некъаш хийца,

Хьо х1унда веа те сан дагца къийса?

 

Текст песни и видео:

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив