Тамара Адамова – Тхан хьоме Нохчийчоь

 

Нохчийчоь схьа кхечи вай ирсе зама, Хьан чевнаш меллаша д1айоьрзуш лаьтта,

Б1ешарийн балано йи-кха 1ама, Къар ца луш юха а денъйелла г1атта!

Тоьар ду хьан йелхор бо-берах терра, Тоамза хьо ягош, херцайеш, отуш,

Вели к1ант Нохчийчоь хьуна ма гарра, Бакъонца хьо нисйа харцо д1атоттуш.

 

Тхан хьоме Нохчийчоь яхалахь! Хьо езаш эгначу къонахий доьхьа!

Беркате, машаре яхалахь, барт болуш, ирс долуш яхалахь!

Хьан дика хьега уьш боьрзур бац юха.

 

Къонахчо керлачу дахаран баххаш, Дуттур ду нийсонах, яхьхьах деш пенаш,

Тохкур ду болатана собарах тхевнаш, Цхьаьнге а хьан маьрша ц1а доха ца дайта!

Къонахчо комаьрша кховдинчу куьйго, Юха а дебор ду хьан х1усамехь беркат,

Лазорна кхоьруш хьо боккхучу кого, Хьо яха юьтур ю заз доккхуш парг1ат.

 

Тхан хьоме Нохчийчоь лепа хьо! Б1аьстенан ломара к1ай зезаг санна!

Д1айели стиглара 1аьржа дохк, Юха а хазбели сан Даймохк,

Барт хили даха вай массо а ханна!

 

Хьора а хьан меже лазийна т1амо, Лазийна хьох дог ца лозучу наха,

Амма хьан турпалчу ондачу даго, Ницкъ бели денъйелла юха а яха.

Шелонан мохо хьан лоькху и ярташ, Къемат де х1оьттина лаьтта и шахьаш,

Нисъйелла д1ах1итти лепайеш яххьаш, Кхане а схьакхечи вайна ирс дохьуш.

 

Тхан хьоме Нохчийчоь еза хьо! Генахь я гергахь хьо тхуна йиц ца ло,

Цкъа а ма дезийла къаста хьох, хьай берийн дегнаш ахь дина дох,

Хьога безам шел ца бан дагца ч1аг1о йо.

 

Текст песни и видео:

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив