Тамара Адамова – Нохчийн к1ант

 

Новогодний концерт. Грозный 2014

Выступление Тамары Адамовой с новой песней «Нохчийн к1ант»

 

Тайпа, тукхам Нохчий долуш, ворх1е да хьай нохчий волуш,

Нохчийчоь хьайн Нана хеташ, ненан мотт синкхача хеташ,

Маьрша сийца, ц1енчу ц1ийца, хаза, оьзда мотт берг бийца,

Дала тола ве хьо вийца, к1ордор дацара хьох дийца.

 

Х1ей, х1ей, х1ей Нохчийн к1ант, Далла бен хьайн суджут доцу,

Нохчийн къоман къона баьчча!

Г1енахь, буса, сема, дийнахь Дала ве хьо декъал сийлахь.

Иман, 1илма хьайца долуш, орамера Нохчийн къонах.

Тешаме го болуш гонах хьо ларвойла масса а вонах.

 

Во1, да, ваша, доттаг1 волуш, Делан дуьхьа гечдерг долуш,

Адам, 1алам дукха дезарг – олуш ма ду Далла дукха веза.

Комаьршалла ю хьан шорта, халкъан ирс ахь лору коьрта,

Къинхетаме хьоьжуш тхоьга, тхан безам бу ч1аг1луш хьоьга.

 

Х1ей, х1ей, х1ей Нохчийн к1ант, Далла бен хьайн суджут доцу,

Жимчу къоман турпал къонах!

Г1енахь, буса, сема, дийнахь Дала ве хьо декъал сийлахь.

Г1иллакх, г1уллакх оьзда лелош, хьай хьуьнаршца тхан дог делош,

Ахь беш болчу ц1енчу новкъахь хьо вазвойла Дала даржехь.

 

Х1ей, х1ей, х1ей Нохчийн к1ант, Г1енахь, буса, сема, дийнахь,

Хьо ларвойла массо а вонах,

Дала тола ве хьо вийца, к1ордор дацара хьоьх лаьцна дийца,

Эхь, бехк сийца, ц1ийца дехаш, Нохчалла хьайн бахам хеташ,

Турпал къам ду хьуна гонах, Делан совг1ат дай хьо-м тхуна!

Тешаме го болуш гонах хьо ларвойла масса а вонах.

 

Текст песни и видео:

 

 

Материал "Даймехкан Аз"

Поделитесь с друзьями:

Добавить комментарий

Оставить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив