Валид Гадаев – Со дохко ца ваьлла
Новогодний концерт в Грозном 2014
Песня «Со дохко ца ваьлла» в исполнении Валида Дагаева:
Со дохко ца ваьлла сайн кийрахь кхиорна безам,
Хьо гаре сатуьйсуш кхачайарх юьстина хан,
Хир ю хьо цхьаццана дахарехь к1еззиг ца езна,
Амма хьан кхечара ас санна бийр буй те хам.
Хьоьх боьзна син хаам цуьриг а ца лелош хьарам,
Десачу дешнашца ца х1иттош хабарийн раг1,
Хьан оьзда яхарахь ас санна бийр буй те таллам,
Ша тайпа хазаллийн хадийна к1оргера мах.
Хьалха ас ца боху хьо цкъа а ма хила ирсе,
Дог-ойла шелъйаларх ас хьуна ца буьллу бехк,
Хьо кхачо ирс буха дуьйлучу шийлачу хьаспех,
Кийча ву син г1айбех билла хьан когаш к1ел некъ.
Цундела доьху ас къаставеш хьайн дагна везнарг,
Хьан доьхьа деттало сан дагца ца лехар вас,
1ожалло д1а сацош оьмарна дазделла терза,
Хьан ц1арца хедар ду кийрара т1аьххьара аз.
Текст песни и видео:
[media=https://www.youtube.com/watch?v=Veohu_zk6tE]
Материал "Даймехкан Аз"